Печать
Категория: Гимны
Просмотров: 5229
Текст гимна:

Харцоно цІе тесна хийла хьо йагарх, 
Нохчийчоь ца йоьжна, гІаьттина йаха. 
Кавказан ткъес хилла, маршонан ага, 
Хьан лаьттан сий дина йахь йолчу наха. 
 
Барт болу хьан къаьмнаш - мах боцу беркат! 
Хьо йоцург Нана йац нохчийн халкъ хьаста. 
Тхан дахар, тхан дерзар Даймехкан кхерчахь, 
Декъалдар доьхуш ду, Далла беш хастам. 
 
Башламан баххьашка дайн синош дуьссу. 
Органан тулгІено ненан мотт буьйцу. 
Исбаьхьа совгІат хьо, азаллехь делла! 
Шатлакхан илли ду тхуна ницкъ белларг! 
 
Къинхьегам, хьан хьуьнарш хазделла шайна, 
Хьай халкъан лерам бар кхаъ хуьлда хьуна. 
Машаран гІаролехь ирсан некъ тайна, 
Сий долуш Нохчийчоь ехийла тхуна!